ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чолхе хьал кхайкхийна Мали-пачхьалкхехь


Цхьаьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин пурбанца Мали-пачхьалкхехь шен эскарш дIатардеш ю Франци. И бахьана долуш цу махкахь чолхе хьал кхайкхийна меттигерчу Iедалша.

ПIераскан дийнахь Малин Iедалша дехар динера дуьненаюкъаралле а, Франце а, мехкан Къилбаседанехьа дIатарбеллачу тIемалошна дуьхьало еш гIо дахьара шайна аьлла. Цунна жоп луш, Париж реза хилира Мали-пачхьалкхана тIеман гIо дан.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Францин тIеман кеманаша хIинцале а тохарш дина экстремистийн позицишна. И бахьана долуш, Малин эскархойн аьтто баьлла тIемалоша дIалаьцна йолу Кона-гIала маьрша яккха.

Мали Францин хилла колони ю. Стохка тIеман карчам хиллачул тIаьхьа дика дац цу махкара хьал.
XS
SM
MD
LG