ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалин мэрин хьоме дош "субботник"


Соьлж-гIалахь йогуш ю Грозный-Ситих йолу цхьа гIишло, 03Оха2013
Соьлж-гIалахь йогуш ю Грозный-Ситих йолу цхьа гIишло, 03Оха2013

Оьрсийчохь уггаре а яьккхийчарах йолу гIишло, Соьлжа-гIалахь яьгна ца яьллера, меттигерачу телехьожийлехь гайтира видеорепортаж, нехан дог-ойланех лаьцна йолу. Дукхачара, шаьш хаза а хеташ, цхьайолчу меттигашкахь дехарца бохуш дара, и меттиг цIанъян бига шаьш.

Иттех стаге хаьттича, царах цхьа а вацара, шаьш хIунда беш бу и цIандаран болх, цунна леррина урхаллаш ма ю, олуш. ХIораммо а, вай паччахь, вай президент хестош къамел дора.

ХIинца, цара дехнарг хилла. Соьлжа-гIалийн мэрино дIахьедар дина, цIе яьллачу меттехь, суббоникаш дIахьош, Iедалан белхахой а, гIалийн могIарера бахархой а хира бу аьлла. Совета заманахь дуйна, дицделла долу, дуьненахь а цхьанна маттахь а гочдан луш доцу и дош, тахана Нохчийчохь маьIан а ца дойтуш лелош ду.

Ял йоккхучу урхалийн, Нохчийчохь долчу декъо, кхечу Iедалан хьукмателла хьалха дIахьедар дина, шай белхахой, аьллачу дийнахь болх бан кийча бу аьлла.

«Валлай-биллай суна хаа-м хаара, тхан коча и хIума догIура дуйла. ХIинций бен соьвцна а дацара тхо, оцу субботнике оьхучуьра. Суна-м ца хаа, ша хIокху балхара дIа ца валахь. КIордина хIара ша дерг, бохуш, Маршо радиога дийцира Салман цIе йолчу Iедалан цхьана урхаллан белхахочо. Цо бахарехь, стохка а, лурчах а, мехаза арахь белхаш беш ерриге аьхке дIаяьлла цуьнан. Шен къамел дIаяздайта ца лиириа Салманна. Болх диканиг бу шен боху цо.

Iедалан кхечу белхахочуьнна Аюбан, чIогIа халахетта Соьлжа-гIалара, и лекха гIишло яьгна. Яьлла йолу и цIе дIаейалца, хан яьллалца цигахь вара иза. Амма, цигара гонахь йолу меттиг шен а, ян кхечу нехан цIанъян гIуллакх дац, элира цо.

Аюб: «ХIинца «субботникаш» дIадуьйлалуш ду боху. Белхит вахар ша ду. Цкъа а , шозза а цига вахар хIума дац. лелош хIума ду иза, амма, даиманна, хьайн балхара юккъера а воккхуш, хIора дийнахь болх бар, иза стаг Iовдал хетар санна хIума ду. Цхьанна а меттехь и хIума лелош а дац. КIорIан чохь а магийна дац иза. Тоьура ду-кх, хIара мохк цIанбина наха. ГIалара нах Шелковский кIошта буьгуш, Гуьмсе буьгуш, циагахь нах боцуш санна, болх бина. Йовха йолчу хенахь, малх лаьцна шиъ-кхоъ стаг велла меттиг ю».

Аюбан ца кхета, урамашкахь цIано латорна Iедало алап а луш, болх бечу урхалшна, меттана хIунда бан беза, могIарерачу наха болх? Масла, шаьш иза бича, вукхарпа хIун дийра ду, бохуш вара иза.

Аюб: «Оццула цIан а йина,хIара меттиг дIахIоттина хилча, шаьш лело мегар дара наха. Лерина Iедало ахча а луш болх беш хьакматаш ю: Мэри а, ЖКХ а, «Сурсад» а. Церан6 болх ма буи за. ХIинца мукъне а, и цIано латтийчхьана боьвлера уьш».

«Олимп» олуш йолу 40 уза лекха йолу гIишло ягарн хьокъехь болу таллам а дIабоьдуш бу.масех де даьлча а , билгала къаста ца делла, хIун бахьанашца хилла и бохам. Цул совнах, иза еш, цхьа а тайпа тIехьожуш а биниа ца хилла иза. Ишшта оцу царехь яьгна боху, и гIишло ечу хенахь мел долу кехат а. Цу бахьанца цуьнан тIехула лаьцна йолу хIун материал ю къасто хала ду боху талламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG