ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦарнаевгIаьрца ФБР-о къамел дечу муьрехь


Линкана тIе

Журналист: Маца даха дагахь ду да-нана Цхьанатоьхначу Штаташка? Юрист Цадахаев Заур: Ойла ю, маца гIур бу-м ца хаьа. - ФБР-о гIо дой царна? - Ца хаьа. Саратова Хеда, нохчийн бакъоларъярхо: -Дика, тΙекаре къамел хилла церан. Анзор селхана могуш вацара, цо тахана дина талламчашца къамел. Дена-нанна хала ду кхета хиллачух, CNN чохь Тамерлан, могуш а волуш, полицино лаьцна вуьгуш гайтича-м муххале а. Ткъа шолгΙачу дийнахь иза вийна гойтуш вара. Уьш ца теша зорбан хьостанех, цара доцурш яздо прессехь. Оха дуккха а къамелаш дина деца-ненаца. Уьш къадбелла кху доллучух а. Журналист: Тамерлан кхузахь дΙавуллур вуй? Цадахаев Заур: Тарло иштта нисдала а. Канадера дейиша ю церан кхерамехь, цунна кхуза юхаян лаьа. Тамерлан дакъа цΙадохьуш ян лаьа шена, боху цо.

XS
SM
MD
LG