ОвхΙанистанан Ιедалша хаам барехь, цу пачхьалкхехь машар лоьхучу лакхарчу кхеташонан декъашхо Шавали Малим вийна тΙалибаша кΙело а йина мехкан малхбузенехь. Гилменд-кΙоштан куьйгалхочун пресс-секретара Шавали Омара Маршо Радионе дийцира, оцу хьакамца цхьаьна иза ларвечу салтех шиъ а, машенлелорхо а кхелхина аьлла. Эккхийтар а дина, цул тΙаьхьа машенийн коврана тΙе герз диттина.
2010-чу шарахь кхоьллина ю ОвхΙанистанехь машарбаран лакхара кхеташо. Шинарий дийнахь вийра оццу Гелмендехь Ингалсера кхо салти, йоьду машен а эккхийтина. Иштта вийна шинарий дийнахь хиллачу тΙематасадаларшкахь 9 овхΙанхо.