ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоьнан гIаланийн, йартийн куьйгалхойн кхечу пачхьалкхашка лестарна доза тоьхна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчохь муниципалан кIоштийн а, эвлийн а куьйгалхошна доза тоьхна пачхьалкхал арабовларна – хIинца хIораммо а махкара араволуш пурба деха дезар ду республикин урхалхочуьнгара. Цуьнан араваларх сацам бийр бу цо, и хьаькам "Iаламат къайлаха хаамашна" тIекхочуш хиллий а хьаьжна.

Оцу кепара омрана куьгйаздина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс стигалкъекъа-беттан 2-чохь. Керлачу бакъонашца а догIуш, гIалин, кIоштан, йуьртан хIора куьйгалхо декхаре хир ву, дозанал араволучу заманчохь мехкан куьйгалхочун цIарах кехат дита, цу тIехь цо билгалйаккха йеза ша воьду пачхьалкх, гIала, цига вахаран Iалашо а. ТIаьххьарчарлахь хила тарло туризм, аьлла ду документа тIехь.

Пачхьалкхера аравала доза тохарх сацам республикин урхалхочо ша тIеоьцур бу - нагахь санна, хьаькамана дуьхьало йинехь, иза декхаре ву шен паспорт дIадала. Ишта гIуллакх нислахь пачхьалкхера дIаваха йиш йу цуьнан: дахарна а, могушаллина а кхерам латтахь, йа дозанал арахьа веха гергара стаг лахь, йа юридикан цхьа гIуллакх иза уллохь воцуш кхочушдан йиш йоцуш хIума нисделлехь.

Цу кепара муниципалан кIоштийн а, йартийн а куьйгалхошна дозанаш тохар тIечIагIдира чиллан-баттахь Ростовн кIоштан губернаторо а, цхьана хеначохь Къилбаседа ХIирийчохь а, Нижегородскан кIоштахь а йукъадалийра уьш. Пачхьалкхера арабовлучарна лерина керла къепе тIечIагIйира мангал-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира – цул а хьалха цуьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, ишта дозанаш тоха Iалашо йац аьлла. Официалехь дозанаш тохале хьалха а Къилбаседа ХIирийчохь формалехь доцуш лелаш дара хьаькамаш кхечу пачхьалкхашка лестарх дехкар, йаздира "Коммерсанто".

  • Пачхьалкхан къайленаш хуучарна Оьрсийчуьра арабовлар дихкина пхи шо гергга хан йу, оцу кепара и хьакхало, балхара дIабевллачех а. Бакъоларйаран "Первый отдел" проектан зерашца, оцу артиклана бухахь нисло иттаннаш эзарнаш Iилманчаш, инженераш, билггал аьлча, церан терахь мел ду хуийла дац атта, йаздира Свобода Радионо.
  • Краснодарера кхело 200 эзар сом гIуда туьйхира Москвара эскархо хиллачунна дозанал араваларна – иза бехке лерира пачхьалкхан къайле Iалашйарх дина тIедахкарш дохорна. Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даккха бахьана хилира шаьш Абхази пачхьалкх йу аьлла дIакхайкхийначу меттиге вахарх а, хьалхо Сочи гIалин кхело теллира оцу тайпа йалх бехкзуламан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG