Британин хаамийн гΙирсаша даржийна, цигарчу тΙеман кеманаша гоне а лаьцна, охьадоссийна Пакистанера дуьненаюкъарчу стигалан некъашца нах дΙасалелабен кема, аьлла.
Манчестера доьдуш хилла иза охьадосса декхаре дина Лондонна уллерчу Хитроу-аэропортехь. Рейтер-агенталло бахарехь, Лахорера 297 некъахо тΙехь а волуш догΙуш хилла и кема.
Полицино дΙахьедина, кеманчохь цхьа хьовзам баьлла, аьлла. Амма цкъачунна хилларг ца довзийтина.