ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Космосехь волчу Китайн астронавто дешархошна лекци ешна


Космосехь волчу Китайн астронавто дешархошна лекци ешна орбити тIера. Иза гойтуш яра цу пачхьалкхан телевизионехула. Телехьовсархошна дийцира гравитаци йоцучу космосан башхаллех лаьцна.

"Шеньчжоу-10" олучу космосан кемантIехь волчу кхин а шина астронавто а дакъалецира цу гайтамехь. Китайн хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу программе хьожуш бара иттаннаш миллионаш китайхой.

"Шеньчжоу-10" цIе йолу кема орбите даьккхина кху беттан 11-чу дийнахь. ХIинца иза тIехоьттина ду "Тяньгун-1" олучу орбитерчу модулана. Астронавташ цIабоьрзур бу кху беттан 26-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG