Атлантикан альянсан эскарийн Словакера салти вийна стаг ведда ОвхΙанистанерчу Кандагаран набахтера. Леррина ларвешшехь, иза къайлавалар дуьйцуш, цигарчу овхΙанхойн тΙеман дакъойн буьйранчас инарла Хьамид Ιабдуллас дΙахьедина, цуьнца цхьана иза ларвеш Ιийна ха а дедда, аьлла. Иза цомгуш ву, лазарне ца вигича ца долу аьлла, кеп а хΙоттийна, вадийна иза набахтерчу хано.
КΙира дара овхΙанхо зулам дарна лаьцна. Словакера салти вуьйш, цуьнца кхин 6 эскархо а лазийнера веддачо.
Хиламо юха а хаттар хΙоттадо, мел таро хир ю ОвхΙанистанан тΙеман ницкъийн Карзай Хьамидан Ιедал Ιалашдан, цигара Атлантикан тΙеман дакъош дΙадахча бохучу маьΙнехь. ОвхΙанистанан эскарийн векалша, тешнабехк а беш, стохка дуьненан альянсера вийнарг ву 60 гергга салти а, эпсар а.