ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIан-пачхьалкхан Джелалабадехь, бала арабевллачу наха Индин векалаллин тIелатар дича велла, мел лаххара а 8 стаг


ОвхIан-пачхьалкхан малхбалера Джелалабад гIалахь, бала арабевллачу наха Индин векалаллин тIелатар дича велла, мел лаххара а 8 стаг. Чевнаш хилла ткъеха стагана. Зе хиллачарна юкъахь бераш а ду.
Белларш, дукхах берш, луларчу маьждигана чохь ламазаш деш хилларш бу. Индин Iедалша бечу хаамца, церан махкахошна цхьаа зе ца хилла.

Эккха кечъйина хиллачу машенна чохь хиллачу кхаа стага шайн машен нийсса Индин векалтана тIехьажийна хилла. Нангархар провинцин полицин урхаллин хьаькамо бахарехь, тIелатарх гIуллакх ца хилла. Цкъачунна цхьамо а тIе ца лаьцна цунах долу жоьпалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG