ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьтташ бу Киевера гуламаш хIинца а



Украинан президента Янукович Виктора шеца къамеле кхайкхина оппозицига, хаам бина Киеверчу Цадазаран Майданахь лаьттачу гуламе лидерех цхьамма - Яценюк Арсенийс. Иза цо олуш цуьнца цхьана вара кхин ши оппозиционер а - дуьненан чемпион Кличко Виталий а, националистийн куьйгалхо Тягнибок Олег а.

Оцу юкъанна президента Янукович Виктора дакъалаьцна хьалха президент Iийначу Кравчук Леонида вовшахтоьхначу дагадовларшкахь, иза гайтина мехкан телевизионаша. Януковича Европаца гергарло тIе ца чIагIдар бахьана долуш гIевттина гуламаш бийшаза бу Украинехь хIинца а.

Еарийдийнахь премьер-министра Арбузов Сергейс элира, Украино кестта хIоттор бу Евроца барт, аьлла, амма билгал ца даьккхира, маца цунна буха куьйгаш яздийр ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG