ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу школехь герз диттинарг синтIаткъамна ницкъ болуш хилла


Оршот дийнахь герзаца Москохарчу школе вахана, ши стаг вуьйш, закъалтана дешархой лаьцна кхиазхо Гордеев Сергей синIаткъамна ницкъ хилла вара. Географин хьехарчунна герз тоьхначул тIаьхьа, цо классехь болчарга аьлла хилла, «дахаран маьIнех лаьцна дуьйцур ду» ша. И аьлла «Интерфаксе хаам бина, бакъонийн органийн хьостано. Школера хьехархоша а, дешархоша а бахарехь, цуьнан цхьанненца а дов ца хилла.

Кхиазхо ден цIартIехь хиллачу шина тоьпана тIе муха кхачавелла, боху хаттар къастош бу талламхой.

Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан официала векало Маркин Владимира дийцира, лакхарчу классин дешархо ши топ эцна, школе вахана хилла. Цигарчу гIаролхочуьнга ша биологин класана тIевигийтина цо. Цунна тIевоьдуш, географин хьехархочунна топ тоьхна цо. Шена хиллачу чевнех иза кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG