ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалина хIун кхочу цунна Турпалхочуьн цIе елча?


Нохчийчоь - Соьлж-гIалин де билгалдоккхучу дийнахь
Нохчийчоь - Соьлж-гIалин де билгалдоккхучу дийнахь

Соьлжа-гIалана «ТIеман Сийлаллийн цIе» йоьхуш кехат яздина Нохчийн Республикан парламенто. ГIало хьегна долу къа а, лайна баланаш а къобал дар хира ду, и цIе цунна лахь, бохуш ду цу документа тIехь. Ша оцу цIаро хIумма а ца ло гIалана. Амма иза чIогIа еза меттигера Iедалшна.


Массита шо ду Нохчийчуьрчу Iедалша, Соьлжа-гIалана «ТIеман Сийлаллийн цIе» Оьрсийчоьнан Iедалшкара яьккха лууш долу. Даймехка Сийлахьчу тIеман леррина, муьлхачу а цхьанакхетаршкахь а, кхечу гуламашкахь а, даиманна ай ца дахь а, и хаттар хьахдора.

ТIаьххьара иза айдира, Путин Владимиран журналисташца хиллачу зорбан конференцехь. Соьлжа-гIаларчу цхьана журналиста шен а, кхечу а, нехан а дехар ду элира, и сийлаллийн цIе Соьлжа-гIалан ялар тIехь, накъосталла дахьара аьлла. Нохчийчуьра муьлхачу а дехарна «хIаъ» аьлла жоп лучу вукхо, дош делира, и гIуллакх дийцаре а даьккхина талла эра ду ша аьлла.

Нохчийчоьнан Парламенто Оьрсийчоьнан президенте ша яздина официала кехат, Соьлжа-гIалана, и цIе ялар, бахархоша, Даймехкан доьхьал хьегна долу къа а, дIаделла синош а эрна хира дацара аьлла. Историйн нийсо толар хира ду, и еза цIе Соьлжа-гIалана лахь, бохуш ду цу тIехь.

Соьлжа-гIалана и цIе лахь а, иза, хьедина хIума ду, аьлла хета, меттигерачу тергамхошна. Историйн Iилманан кандидат волчу Хатуев Ислама, бахарехь, Соьлжа-гIалана тIекхача гIерташ немцойн уггаре а тоьлла эскарш хилла тIеуозийна.

Хатуев Ислам: «И байракх Соьлжа-гIалана йогIуш йолу дукха хан ю. Цунна тоьшалла до архиван документаша а, тIеман инарлаша язйинчу дагалецамаша а. Мехкдаьтта ца тоьуш немцойн эскар а хилла. Кавказе хьажийна хилла немцойн уггаре а тоьлла эскар. Цунна гIонна яийтина хилла СС дивизии «Тотенкопф» олуш йолу. Бранденбург санна леррина эскар хилла иза».

ТIом боьдучу хенахь Азербайджанехь долу мехкдаьтта, хIинца санна, теллина ца хилла. Уггаре а дукха и Iаьржа деши олу маьIда луш ерг Соьлжа-гIала хилла. ГIала схьа ца яьккхийта, цунна кхо гуо бина хилла, доьхьалонан оьрнаш а, цу чохь мазут а доьттина, иштта гIагIдиллинчу машенашна а доьхьалонан зуьнаш.

Шайга иза яьккха ца елча, хIаваъера бIеннашкахь кеманашца бобмбанаш йиттина, Соьлжа-гIала сийначу цIарах яго гIиртина немцойн буьйранчалла. Оьрсийчоьнан шуьйрачу юккъарална и дицделла хилларг, дагадаийтира Хатуев Ислама.

Хатуев Ислам: «ТIаккха кхузахь тIемаш хилла. ЧIогIа гIала схьаяьккха гIерташ хилла уьш. Амма бакъ ду, вай гIалахь массийта дивизи а кхоллаелла. Кхуза мостагI тIе ца кхачийта,Терк хинна дехьа шортта доьхьалонан хIумш а йина хилла вай махкахоша. БIе эзар сов адам хилла цигахь дакъа лоцуш. Сан денана а, деда а хилла царна юккъахь.

Дуккха а нохчий а хилла цигахь болх беш. Немцойн шайн дагалецамашкахь, масалла Карл Пауль бохуш хилла, цуо боху, Кавказе дIакхаьчча, Теркалла дехьа ца довлалуш, чIогIа новкъарлонаш хилла шайна.

ТIаккха Соьлжа-гIала схьа ца яьккхалой хиъча, немцойн авиацино бомбанаш а ракеташ а йиттина, мехкдаьттан Iалашдойланаш а, иза доккху меттигаш а ягийна. И цIе дIаейа гIерташ дуккха а нах белла цигахь. Заводан кIоштехь, цIеейархошна аьлла хIоллам а бу цигахь лаьтташ».

Тахана Оьрсийчохь 40 гIала ю «ТIеман Сийлаллийн» цIе лелош. Царах хийла ю, фашистийн эскаран кара дIаелла хилла а. Царна а и цIе елла хилча, Соьлжа-гIалана и цIе, тоххарехь йогIу бохуш кхин дIа а дийцира Хатуев Ислама.

Хатуев Ислам: «Кхийолчу гIаланашна, уьш дIаелла хилча а, царна и цIераш луш хилла. ТIаккха, гIала дIа а ца луш, кхузахь царна доьхьало а йина, кхузара уьш юхлахка болийна хилча, и цIе вай гIалана хIунда ца йогIу теша, аьлла хаттар кхоллало. 40 эзар тIемалой хилла вай махкара.

И цIе хIунда ца йогIу? Суна тамашийна хета иза! Iилманчаша а, кхечу историкаша а, ша дерг яздина билгалдаьккхина долуш ду. Масала, маршал Коневс а, кхечу инарлаша а къастийна хилла вай нохчийн тIемалойн майралла. ГIалана и цIе йогIуш ю».

Шена нохчийн юккъараллан шеко яц, мехка коьрта шахIаранна и сийлахь цIе яла езаш хиларна. Соьлжа-гIала турпалхо хиллийла, цуо цкъа гайтина а ца Iаш, дукхуза гайтина олий, дуьйцу наха. Ма бара, гIалийн а, цуьнан бахархойн а кхиамаш, хан яьлчий бен билгалбохура бац бохуш билгалдоккху цара.

Ткъа и цIе хIинца республикерачу парламенто динчу дIахьедарца лург хиларна шеко яц цхьанни а. Дийцарехь, и цIе, я стигалкъекъа беттан 9-чохь-Толаман дийнахь, я гIадужу беттан 5-чохь-Соьлжа-гIалийн дийнахь яла мега. Ала догIу, оцу цIаро, гIалана цхьанна а тайпана кхин аьттонаш ца ло, цуьнан байракх тIехь, цхьа хьаьрка хIотторалла сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG