ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь вийна «Аьтто агIора секторан» жигархо Билый Сашко


Украина -- Музычко Олександр, 28Чил2014
Украина -- Музычко Олександр, 28Чил2014

Украинера Ровно-гIалахь вийна «Аьтто агIора секторан» жигархо, шех Сашко Билый олуш хилла волу, Музычко Александр. Оьрсийчоьнан Талламан Комитето Зазадоккху-беттан юьххьехь цунна дуьхьал талорца доьзна долу бехк-такхаман гIуллакх долийнера.


«Аьтто агIора секторан» координаторо, Украинан къоман депутато Дроний Александро яханчу буса шен Фейсбук-агIонна тIехь яздинера, «хIинцца хаам бина, Ровнохь Билый Сашко вийна, аьлла. Ши машен дуьхьал тесна, цуьнан машен сацийна хилла. Цу чуьра иза араваьккхина, шайн машенна чу хаийна, юха аракхоьссина тIехьа дихкина куьйгаш долуш, дагах шозза герз а тоьхна», аьлла.

Цул тIаьхьа дукха хан ялале, Украинан Чоьхьарчу Гiуллакхийн Ровен кIоштан декъо а бакъдира, Билый Сашко вийна хилар. «Шинарин буса, сохьтах ах даьлча вийна ву Музычко. Ровнохь «Три карася» кафена уллехь вийна карийна. Цу меттехь болх беш талламхой бу. Иза вийначу меттехь патармийн исс миллиметр хIоьънаш карийна», аьлла.

Кхин а тIаьхьа, Украинан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министран когаметто Евдокимов Владимира зорбан-конференцехь хаам бира, Музычко, Ровнохь герзаца хилла тоба кхерамаз йоккхуш дIахьучу лерринчу операцехь вийна ву, аьлла.

Билый Сашкона дуьхьал бехк-такхаман Оьрсийчоьнан талламан Комитето а долийнера, цкъа мацах цо Нохчийчохь тIом бина хиллера аьлла. Цу комитетан хьесапехь, 90-чу шерашкахь Нохчийчохь оьрсийн эскархой хьийзош а, бойъуш а дакъа лаьцна Билыйс.
Нохчийчохь боьдуш хьалхара тIом болуш, цхьа тоба яханера Нохчийчу. Амма тIом беш масех стаг бен ца висира. Цунах лаьцна дуьйцу Лондонера Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада.

Закаев: «Сан гIуллакх толлуш болу нах цхьана кепара со бехке вацахь, со бехке ван лаам болуш бацара. Я, со бехке велахь, бехказа ваккха лаам болуш а бацара. Церан коьрта Iалашо бакъдолчунна тIаьхьакхиар яра. ТIаккха оцу талламо гайтира, Оьрсийчоьно соьга кховдийна хилла бехкаш бух боцуш буйла.

Суна хетарехь, тахана Оьрсийчоьно кхийдош долу бехкаш, политикица боза безаш бу - стаг Путинан политикан тIетевжина ву я. цуьнран политикана дуьхьал ву. Цо гойтур ду, оьрсаша тIебохкуш болу бехкаш бух боцуш хилар. Нийсонца кхел цигахь еш яц, уьш политико лелош ю. И нах тахана Украинера политикехь бевзаш а, Оьрсийчоьно шайн пачхьалкхехь лелочу хIуманна реза а хир боцу боцу нах бу уьш.»

Закаев Ахьмад ша а вара Оьрсийчура прокуратуро Ноъчийчохь къизаллаш лелорна бехке а вина, Британера дIавоьхуш. Амма Британино цуьнан бехк къасторан кхел шаьш долчехь дIаяьхьира. Закаевн бехк ца хилар а къаьстира цу кхелехь.

Закаев: «Вай цIахь хьалхара тIом болабелча Украинера баьхкинарш, шина шарахь ша берриш а, 10-12 стаг а хир вацара. Ткъа тIом беш ши-кхо стаг бен ца висира. Цундела. Нохчийчохь террорхойн тобанашкахула чекх а бевлла, чIагIбелла нах оьрсаша Украинера Iедалехь ультранационалисташ бу бахар нийса дац я бакъ а дац.

Ткъа тIама тIехь лелаш долу гIиллакхаш девза тIом бинчу нахана иза Сашко велахь. милла велахь а. Билггал цхьа хIума хаьа суна. Цо Нохчийчохь нах хьийзиний, таIзарш диний бохург цхьана агIора бух болуш хIума дац. ХIунда аьлча, и хIума Нохчийчохь цхьаммо лелийна дац, леладайтина а дац. Къаьсттина хьалхарчу тIамехь. ХIетахь цхьана кхечу агIора бина а, дIабахана а тIом бара иза.»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG