Лаххара а 4 стаг вийна Пакистанехь Карачи-гIалахь эккхийтар а дина. 30 гергга стаг чевнаш йина ву. Лоьраша дийцарехь, царах 5 вочу хьолехь ву. И эккхийтар дар бахьана долуш йохийна Iедалан урхаллин кхо машен. Сингх-провинцин информацин министро бинчу хаамца, цкъачунна билггал хууш дац царна юкъахь Iедалан белхахой бу, я бац. Цхьа де хьалха Карачехь, эккхийтар а дина вийра 4 стаг. Царна юкъахь вара лаккхарчу даржехь волу полицин эпсар а.