ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIала а, Уьш-Кхаьлла а цхьаъ ю Кремлна


ЕГЭ - Пачхьалкхан юкъара экзамен
ЕГЭ - Пачхьалкхан юкъара экзамен

Кхаарийдийнахь дIаелла Нохчийчохь «юкъаралла талларан» (обществоведени), хими а экзаменаш. Уьш чекхйовллалц цхьана кIоштан школехь хилла тхан корреспондент. Дешархойн хаарш зер тергонехь латторал сов пачхьалкхан экзаменан хьокъехь къамелаш дира цо хьехархошца а.




Кхеташ ма-хиллара гIалин я кIоштан массо ишколашкахь луш яц ЕГЭ олу Пачхьалкхан цхьа экзамен. Дешархойн хаарш талла, леррина хьелаш а кхуллий, кIоштехь масала, цуьнан йоккхалле хьаьжжина, кхо я йиъ ишкол кечйо. Цу кепара экзамен дIалучу цхьана кIоштан ишколехь хилла со.

Цигахь тергалделла хьал ма-дарра дуьйцуш хиларна сан цIе йоккхийла дац. Ткъа иза ишта дара: экзамен дIалуш чохь герггарчу барамехь 300 дешархо ву арахь лаххаре а 5-6 бIе церан гергарниш. Къемата шайн гIо дойла хир дацахь а 3-4 сохьтехь арахь ладегIамехь хан токху шайн берашна сагатдечу гергарчара. Чуьра ара цхьа кост-кехат даккха аьтто балахь,тIаккха дIасаида буьйлало гергарниш. Цигахь дIаяздина ду хIара хабарш а, мохь-цIогIанаш а, кхайкхарш а:

Дукхахболчара чIагIдарца ишта дIалуш ю Пачхьалкхан цхьа экзамен луларчу мехкашкахь а, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а. Бакъду цхьаболчара ерриг Оьрсийчохь изза сурт ду бохург даррехь къобал ца до.

Ткъехь шарахь Нохчийчохь хьехархо болх бинчул тIаьхьа, Туменехь, Нижневартовск гIалахь 7-8 шарахь кхиамца болх а бина хIинцца цIа йирзинчех ю математик хьехархо Зараъ. Цо билгалдаккхарца кхузахь а, цигахь а экзамен дIаялар Къилбей, Къилбаседаний юкъахь санна башхалла йолуш хIума ду. Зараъ ю дуьйцуш кхузахь дIалучу ЕГЭ экзаменах шен инзарьяларх.

Зараъ: "Башхалла йоккха ю. Цигахь кхузахь адамийн тобанаш а гур яц хьуна, машенаш а гур яц. Тийна таьIIа бераша шаьш дIало-кх цигахь экзамен. Кхузахь дерг къаьхьа де ду. Кхузахь хьехархоша цу экзаменах бизнес йина. Соьга а кховдийна ахча амма гуш дела ву ас кепек схьа ца эцна. Дела дуьхьа аьлла сайн ницкъ кхочучу барамехь сайга гIо дахьара аьлча гIо а дина".

Нохчийчохь ЕГЭ олу Пачхьалкхан цхьа экзамен дIаяларх дийцина хьехархо Зараъ теш ю, царна гонах сел чIогIа гIовгIа латтарна а, шен-шен кIант, йоI кхиаме кхачо гIерташ, дай-наной карзахе хьийзарна а бехке ишколо а, цуьнан куьйгалхоша а дешаран шарахь кхачо йоллуш дика болх цабар ду аьлла.

Зараъ: «Суна хетарехь, кхузахь оццул чIогIа ажиотаж хиларан коьрта бахьна берашна дешаран шарахь хаарш дIа цакхачар ду. Оьрсийчохь со хиллачохь масала основательно Iамош ду бураш,лаккхара жоьпалла а долуш. ХIора дийнахь,со хиллачу ишколехь,хьахерхо I5 минот хьалха схьавогIу балха.

Урокаш дIаевлча, кхана лерчу денна кечам а ца беш, цхьана урокана палан ца язьеш, цIа воьдуш вац цхьа хьехархо. Низам лардарехь, хьехархошца оьзда, хьекъале юкъаметтиг лелорехь лакхе а, масал а директор вара..»

Соьца ЕГЭ экзаменах къамел динчу хьехархочунна Зараана хетарехь берашна хьехар а, хьехархойн жоьпалла а, ишколан куьйгалхоша шайн болх перза, маьIне хIума хетар а, кхиазхоша экзаменаш дIаялар а – дерриге а вовшех къасто йиш йоцуш, цхьаьнадозаделла мехала бакъдерш ду.

Кхузара, боху цо, ша хиллачу ишколехь, масала, хила тарлуш доцуш, сел эвхьаза-м муххале а, дийца тарлуш доцу, хийра, акха лоруш хIума дара экзаменаш дIаяла мах а белла хьехархо лацар а. дешархойл а саготта а, синтем байна а дай-наной хьийзар а. И базар-м цигахь хуьлийла а дац боху Зараа.

Бакъду цхьаболчу говзанчаша чIагIдарца ЕГЭ олу экзамен дIаяларехь ярташкахь бехачу дешархошка кхийдориг доза а доцуш харцо ю. Цара вуно чIогIа тIеIаткъам беш хьийзаш ду бераш а, церан дай-наной а. Муха? Дуьйцуш ю Соьлжа гIалара хьехархо Магдаева Лиза.

Магдаева: "Дукха хьехархой реза бац ЕГЭ дIаяларехь Оьрсийчохь кхоьллинчу хьелашна. Хьажал , Москохахь, кхечу яккхийчу гIаланашкахь леррина ишколаш ю кхоьллина кIорггера математика Iамош,оьрсийн я ингалсан мотт, физика я кхин Iилма Iамош.

Цаьрга нийсса жоьпалла а долуш дIайолуьйтуш экзаменаш хьехархойн-говзанчийн кхачо йоцчу ярташкахь а, тIемаша лартIахь деша ца битинчу кегийрхошка а . И нийса ду? Аьттехьа а дац! Аттестат схьа а эцна цхьа корматалла караерзо некъ бита ца беза мехкаршна а,кIенташна а. Царех наггахь а гIур мА вац Москоха а.Ингалсан пачхьалкхе а ю бохучу доьшийлашкахьа Iилма Iамо. Провинцешкахь бехачу кегийрхошка кхийдориг харцо ю аьлла тешна ю-кх со а ,сан накъостий а».

Экзамен хьокъехь йист хиллачу Магдаева Лизин санна хьажам берш дуккха а бу хьехархошна а, дай-наношна а а юкъахь хилла ца Iаш а говзанчашлахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG