ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Метрон цIерпошт харцарна бехке волу ши стаг лаьцна Москох


Москох метрополитенан цIерпошт харцарна бехке хила мега аьлла лаьцна 2 стаг. И бохам а хилла, вийна 22 стаг. 150 сов лазийнарш дарбан хIусамашкахь бу. Оьрсийчоьнан талламан комитето бинчу хаамца, лаьцнарг ву некъан мастер Башкатов Валерий а, мастеран гIоьнча Гордов Юрий а.

Талламхойн версица цара гIалат далийтина некъ хуьйцу механизм дIахIоттош. Иза хIоттийна хилла буткъа сара а бихкина. И сара хадар бахьана долуш хаьрцина цIерпошт аьлла, хаам бина талламхоша. Метро чохь белларш дагалоцуш тезетан де дара Кхаарин дийнахь Москох.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG