ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратистийн тобанаш Оьрсийчоьнан дозанах дIахадо гIерта Украинин эскарш


Украинин ницкъаша Малхбалерчу регионехь дIахьош ю террорана дуьхьал йолу операци. Украинин эскаран векалш бинчу хаамца, цара йохийна герзаца болчу сепаратистийн кхо блок-пост. Цу регионехь дIахьочу операцин пресс-центрехь бинчу хаамца, сепаратисташ Оьрсийчоьнан дозанах дIахадо гIерташ ду эскарш.

Шинарин бусу терроран тобананаша герзаш диттина Украинин эскарийн позицишна Ильинка а, Семеновское а, Степановка а олучу меттигашкахь. Эскархоша дийцарехь, царна тохарш дина Оьрсийчоьнан территори тIера. Шинарин буса даккхийн герзаш детташ хезаш дара Донецкехь а. Цу г1алахь вийна-ваьккхина стаг ву-вац цкъачунна хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG