ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкадаьтта даккхар алсамдаьлла Iамеркехь


1987-чу шарахь дуьйна цкъа а даьккхинчул дукха мехкадаьтта даьккхина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа кху шеран Товбеца-баттахь. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркин энергетикан министраллехь йолчу энергетикан информацин урхалло. Цу урхалло дийцарехь, баханчу Товбеца-баттахь махкахь юккъерчу барамехь цхьана дийнахь доккхуш хилла 8 миллион ах миллион черма мехкадаьтта.

Иза алсам ду говзанчаш хир ду баьхначул а. Iамеркан энергетикан министраллан урхалло дийцарехь, 2015-чу шарахь Iамеркехь хIора дийнахь доккхур ду 9 миллион 300 эзар черма мехкадаьтта. Махкахь мехкадьатта даккхар алсамдалар бахьана долуш, Iамерко хаъал лахдина цунна импорт яр. 2015-чу шарахь мехкадаьтта чудар лархлур ду Iамеркехь стохкалерчуьнца дуьстича 22 процентана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG