ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь ву Порошенко Петро


Кхаарийдийнахь Украинан президент Порошенко Петро вахана Къилбаседа Iамерка. Канадехь хир ю цуьнан хьалхара визит. Оттавехь цуьнан дийцарш хир ду мехкан премьер-министрца Харпер Стивенца а, кхечу куьйгалхошца а.

Порошенко Канаде ваххале оцу пачхьалкхо санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна, цо Украинана «агресси» ярна, аьлла. Оьрсийн веа инарлана а, цхьана банкна а, пхеа герз духкучу компанина а дуьхьаляьхна ю и санкцеш.

Еарийдийнахь Вашингтонехь Барак Обамица цхьаьнакхетар ву Порошенко Петро. Визит дIайоьду Украинано Евробертаца гергарлотесначу хьалхарчу деношкахь. Евроберто Украина гергаэйарх лаьцна аьлсса хезар ду шуна кху программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG