ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Албани, Серби дешан тIамехь ю


Албанин, Сербин премьер-министраш бу Косово-махкара хьал дийцаре деш, цигарчу бахархойн бакъонаш ларъяр хьахош, вовшашца дешнийн тIом хьош. Белградехь пресс-конференци луш Албанин Iедалан лидера Рама Эдис кхайкхира Серби 2008-чу шарахь шех Косово мукъаялар къобалдаре. «Аш иза сиха кхеторе терра дIагIерталур ду вай хьалха», - цо алар «провокаци» а хеташ дарйина Сербин юкъаралла.

Сербин премьера Вучич Александра бахарехь, цуьнан махко цкъа а пачхьалкхан могIара йолуьйтур яц шен провинци лаьттина Косово. Кху тIаьххьарчу 70 шерачохь дуьххьара вахана Албанин куьйгалхо Сербе. Цуьнан визит бахначу баттахь тIехьатеттира шина пачхьалкхан футболан тобанаш ловзуш, хьовсархой вовшахлатар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG