ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дено-дено гIеллуш ду сом


Юха а цIеххьана лакхабаьлла Москох финансийн биржашкахь долларан а, еврон а мах. Долларх ло 48 сом, еврох – 59 (Шовзткъе ткъайоьссана). ХIара кIира долалуш Оьрсийчоьнан Коьртачу банко хецна дитина сом, шегара гIортор ца еш.

Иштта бужуш бу дуьнентIехь мехкдаьттан мехаш а. ПIераскандийнахь цуьнан баррелах ца лора 77 (Кхузткъе вуьрхIитта) доллар бен. Хьалхо Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев дмитрийс дIахьедира, мехкдаьтта дайлуш хилахь, пачхьалкхан бюджет лахъян езар ю, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG