ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мотт - шен къоман мерайоI


Нохчийчоь - Нохчийн меттан де даздеш, Соьлж-ГIала, 25Оха2014
Нохчийчоь - Нохчийн меттан де даздеш, Соьлж-ГIала, 25Оха2014

Iедал бехке ду Нохчийчоьно къоман мотт мерайоI санна кхабарна, аьлла хета цхьаболучарна. Вукхара бахарехь, Iедало ша дан догIург дерриг а дина мотт бахийта, амма халкъан интеллигенци яц иза къаргбан, нахана марзбан меттахьовш. Мила бакъ ву?

« Бадуев СаьIидан «Бешто» Iамош ду тхо школехь иссалгIачу классехь. Шен ненан лаам кхочушбан, Бусаница юкъаметтиг къасто, шовданан коьрте веъна Бешто. Дош доккхуш, ша тIехьийзачу йоIе хан йиллийта гIерта кIант, амма Бусанас цхьана дикане,цIеранаш берта бахкаре сатуьйсуш тIаьхьатоьтту хан йиллар, собаре воьху Бешто.

Делахь а нанас, РакаIата, тIеIаткъам бина Бешто, кхидIа а кханенаш яхка реза вац. Цо лаьттара чамхалг схьа а оьций, Бусанас «ма, ма!» боххушехь, йоIе тIаьххьара бIаьрг тухий, «ишта дIаели вайшиннан юкъаметтиг» олий, ши дакъа а дой, охьакхуссу чамхалг. И дIавахча йоьлхуш Iачу Бусанас лаьттара чамхалг схьаоьцу, цуьнга хьежа хIутту. Авторо яздо: «Шен деллачу беран бедаршка хьоьжучу ненах тера чамхалге хьоьжура Бусана».

...Хийистехь ирахь Iеш цара дечу къамелах ца кхета дешархой. Царна хаъане а ца хаьа «чамхалг» хIун ю а, «бедар» хIун ю а. Кхидолу духар-м: «гIовтал», «кIархаш», «пошмакх», «гIама» - уьш-м ас дийца а ца дуьйцу.

Вай стенга доьлхуш ду-те, вайн маттах хIун хуьлуш ду те? Ма эрчо ю хIара ях! Герггарчу барамехь цу кепара къамел дира Теркйист кIоштан цхьана школехь лакхарчу классан литература хьехархочо. Иза дуьххьара хеттаре юьйлучех яц. Нохчийн меттан хьокъехь иштта хеттаре буьйлу Iилманчаш а, яздархой а, шен къоман кханенан бале мел кхочург а.

Бакъду, цхьана яздархочо ма-аллара царалахь барт бац, бекъамаш бу. Цхьаболучара кхачо йолуш лору ненан мотт денбарехь Iедалдайша йоху гIулчаш, кхечара, тIулга тIехь тIулг ца буьтуш, харцбо и тайпа хьажам. Нохчийн маттехь гIело ялларан, цунах хьашт-дезар цадаран уггаре хьалха куьгбехке Iедалдай лоручех ву байтанча, гочдархо, Пушкинан «Евгений Онегин» романан хьалхара дакъа нохчийн матте даьккхина говзанча Хатаев Хьусайн.

Хатаев: «Нохчийн мотт шарлуш бац, хецалуш бац. Пайдабоццу дош оьрсийн маттахь олуш ду, и вайн маттахь ала йиш йолушшехь. Вайн маттахь суффикалг а ю, тIе а тоьхна, дIа а тоьхна, ахь дош кхоллахь. Кхуллуш дац. Телегойлехь сахьт дац нохчийн мотт марзбеш. Нохчийн мотт белла бу, нацкъара буьсуш бу».

Хатаевца аьттехьа а реза вац байтанча-журналист Цуруев Шарип. Цунна хетарехь, карарчу хенахь Iедало цкъа а ца динчу кепара гIо до нохчийн маттана. Муха, мича барамехь до и гIо? Шарип ша ву дуьйцуш.

Цуруев: «Со буххера реза вац Хьусайна дуьйцучунна. Пачхьалкхана тIе бехкаш дохкуш Iар нийса дац. Цо дуьйцург ас лоруш ду. И гIалат стенна тIехь ду аьлча, ас сайна хетарг боху, Iедало дан дезарг дерриг а дина. Тахана санна цо и дина а дац цкъа а.

Пачхьалкхо кхолла дезарш хьелаш ду. Цо и хьелаш кхолла ма кхоьллина. Уггар хьалха парламенто нохчийн меттан хьокъехь низам тIеэцна. Бакъо елла. Пачхьалкхан мотт а кхайкхийна. Советан Iедал долуш и хилла ма дац. Паччахьан заманахь муххале а ца хилла иза.

Тахана ненан мотт парламентехь а буьйцу, министраллашкахь а буьйцу. Iедал жимма хьалха даьлла аьлла хета суна и мотт кхиорехь. Юкъаралла ю аьлла хета суна-м тIаьхьайиснарг. Уггар хьалха интеллигенци ю бохург, хьехархой бу-кх нохчийн маттана дуьхьал. Юккъерчу тIегIан маьхькIамхой а ишта дуьхьал бу-кх маттана.

Ас цхьа а хасто ма ца боху. Паччахьо а, министаро а нохчийн мотт буьйцу. Бийца а буьйцу, бийца а боху. Тхо схьа а гулдина, министраш боху-кх, схьаалийша, аша боххург до-кх вай. Юкъаралла а, къам а тIахьадисаран тоьшалла ду-кх иза. Iедало ша дан дезарг дан ма дина».

Ткъа яздархочунна,исбаьхьаллин литературан говзанчина Бурчаев Хьалимна хетарехь, нохчийн мотт школашкахь ледара хааран бахьана лакхарчу доьшийлашкахь хьалха санна дика хьехархой цакхиабар а ду, къомах къам дечу ненан меттан юкъараллин кхача ма-беззара бала цакхачар а ду.

Бурчаев: « Хьалха заманахь санна кечбеш бац хьехархой тахана. Ткъа шо хьалхалерчу суьртаца дустар далийча 90% лахделла нохчийн мотт Iамор а, бовзар а. Хьехархой сийлахь бац тахана, болх бан хууш берш. Церан сий-пусар а деш, керла хьехархой кечбарна тIе тидам бахийта безара. Шарипа ма-аллара, пачхьалкхан тIегIане меттан гIуллакх хьаладаьккхина хилча, юкъараллина карахь ду –кх цуьнан бала кхачар».

Къамелан чаккхенехь яздархойн нохчийн маттах йоьзна ойланаш мелла а вовшашна герга яьхкира. Ахча-бохчанца, лаам-сацамца, нохчийн мотт денбан, гIатто, самсабаккха уггар хьалха орцахбовла декхарийла Iедалхой бу. Цу жамIе баьхкира соьца нохчийн меттан хьокъехь къамел хилла яздархой.

XS
SM
MD
LG