ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко алссам гIодийр ду Иракъан эскаршна


Иракъан премьер-министра ал-Iабади Хьайдара дехна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министре Хейгл Чаке «Исламан Пачхьалкхан» ницкъашна кеманашца ден тохарш алсам дахар а, Iедалан эскарийн кара деза герзаш далар а.

БагIдадехь шаьшшиннан хиллачу дийцаршкахь ал-Iабадис хаамбира, Иракъан гIаш-эскар жигара тIемаш беш ду, амма царна стигалара гIо а оьшу, яккхий тоьпаш а оьшу. Хейгела делла жоп иштта ду: «Цхьаьнатоьхна Штаташ кхуза алссам ницкъ хьажон сацийна, оха гIо даима а дийр ду шуна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG