ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинахошна хенаш етта Москох


Москох Лефортован кхело бIастене дIаяхйина Украинера лаьцна валийначу режиссерна Сенцов Олегна бехк толлучу юкъанна набахтехь валлоран хан. Цунна бехкедо ГIирмехь массех теракт ян кечамбеш дакъалацар.

Сенцовс тIе ца оьцу бехк. Гергарчара а, адвокаташа а беламе лору цунна бехкедийриг. Оьрсийн а, Европера а бакъоларъярхой, кинематографисташ тешна бу цуьнца лелориг харцо хиларх.

Сенцовна санна, доцу бахьана дуьхьал а даьккхина, лаьцна кхобу Лефортовехь Кольченко Александр а, Черний Алексей а. Ткъа воьалгIачунна, Симферополерчу прокуратуран прокуратуран белхахочунна Афанасьев Геннадийна, иза ГIирмехь теракт ян воллура аьлла, Москох кхело 7 шо хан кхайкхийна набахтехь такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG