ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШозлагIа набахте хьажийна журналист


Ростоврчу Ленинан кIоштан кхело бехкевина журналист-блоггер Резник Сергей Iедалан белхахочун сий хьадарна а, ца дина зулам цо дина аьлла кхайкхорна а. Иштта хаамбо Маршо Радион цигарчу корреспонденто Бакунин Григорийс.

1,5 шо набахтехь такха хан тоьхна журналистна кхело, цул совнаха дискина и хан чекхъялча кхин а шина шарахь прессехь болхбан. Интернетехула «Дийна Журнал» («Живой Журнал») тIе ша тоьхначу артиклца дина боху Резника и зулам.

И санначунна бехке а вина, лурчаха а туьйхира блоггерна 1, 5 хан. ХIинца иза хан а, кхин а а керланиг а вовшахтоьхна кхело – кхо шо такха дезаш ву набахтехь Резник Сергей. Дахначу шарахь «Мемориал» центро иза политикан тутмакх ву аьлла дIакхайкхийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG