ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбалехь гергарлонаш лоьху Оьрсийчоьно


Шен Китайра а, ХIиндойчуьра а коллегаш болчу юкъарлонан дийцарш дан вахана Пекине оршоьтадийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей.

Юьхьанца иза цхьанакхийтира хIиндойн министрца Сварадж Сушмица, тIаккха – Китайн коьртачу дипломатца Ван Ица. Дийцаршка диллина бертахоша Азин-Тийначу океанан регионера хьал. Ишшта, тергонехь бу Шемара, Иракъера тIемаш, Украинера конфликт. Кхаа пачхьалкхан дипломаташ дагахь бу дуьненан политикехь шайн мехкийн дешан йозалла юстуш къамелаш дIадахьа а. Пекинера шинарийдийнахь Туркменистане кхача Iалашо ю Лавров Сергейн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG