ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченко дIахеца дагахь яц Кремл


Оьрсийчоьнан Талламан комитето бакъ ца дина Украинин кеманхо Савченко Надежда кестта дIахьоьцур ю бохург. Карарчу хенахь и зуда латтош ю Москох талламан изолятор чохь. Талламан комитетан векло Маркин Владимира дIахьедар дина шайн цхьа а бух бац Савченко маьрша яккха аьлла.

Савченко Надежда бехке еш ю Украинехь Луганскана уллехь Оьрсийчура ши журналист вуьш дакъалацарна. Минскехь цхьаьнакхетар дIадирзича Украинин президенто Порошенко Петрос хаам бира, Савченко гергарчу хенахь маьрша йоккхур йолуш ю медицинин экспертиза а йина, талламхоша хьалхара жамIаш даран болх дIабирзинчул тIаьхьа аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дина, Путин Владимиран Украинин а, Францин а, Германин а лидершца Минскехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Савченкон хаттар дийцаре ца дина, и тема хьахийна хиллехь а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG