ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Камчаткехь хибуха дахана оьрсийн траулер


Камчаткехь, Охотскан хIордачохь кхаарийдийнахь хибуха даханчу оьрсийн траулер чохь велла, цкъачунна болчу хаамца, 54 стаг. Кеманчохь хиллачу 132 стагах 63 къелхьара ваьккхина шаьш, аьлла даржийна Оьрсийчоьнан орцан министраллан векалша. Лар йоцуш вайна 15 стаг.

Ши бIе ах бIе чаккхарма юьстах йолчу Магадане дарбадан бигина кIелхьара баьхна нах. Траулер хибуха дахаран бахьана официалехь довзийтина дац цкъачунна. Орцан министраллан векалшна хетарехь, шаш бешаш хилар ду бохаман бахьана. Кема лелорхой а, чуьра белхахой а хилла Латвин, Украинан, Мьянмен, Вануатун а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG