ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Русофобин тергоян центр кхоьллина Оьрсийн Килсо


ПIераскандийнахь Москох пресс-конференци елла Оьрсийн Православин Килсан жигархойн тобано, коьртехь лаккхара мозгIар Шилков Александр а волуш. Тобано дIахьедина, ша русофобин терго ен центр кхоьллина, аьлла. Оьрсий кхечу къаьмнашна а, мехкашна а цабезар а зуьйш, уьш оцу фобех Iалашбеш болх бийр бу центро, аьлла Шилковс.

Стохка Украинера конфликт йолаелчхьана дуьйна а Оьрсийчоь харц суьртахь го Малхбаленна, бохуш ду Оьрсийчуьрчу Iедалан хаамийн гIирсаша довзуьйту хьал. ХIинца оцу хьолаца къийсам латто ойла ю Православин Килсан жигархоша кхуллучу центран. Православин Килсан кхеташоно, масала, лурчаха шегара доккха совгIат дира Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG