ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарошца хиллачу бертах ца теша Нетаньяху


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентна Обама Баракний, Израилан премьер-министрна Нетаньяху Беньаминний юкъахь цакхетам лаьтта ГIажарийчоьнца зарратан хьокъехь дIахьош хилла бертан дийцарийн хьокъехь.

ТехIеране зарратан герз ца кхуллуьйту некъ карор, бертан хьалхара гIулч толамца ерзар «дахарехь цкъа бен болуш боцу аьтто» бу, цо чIагIбо Малхбалехь машар, боху Обамас ша Нью-Йорк Таймсна кIирандийнахь еллачу интервьюхь.

ГIажарийчоьнан векалшца зарратан герзан да йолчу 6 пачхьалкхан дипломаташа бинчу бертаца а догIуш, гIажарой лерина бу кхераме герз кхоллар дита, ткъа дуьнено юхаоьцур ю царна тоьхна латтаен экономикан эмбарго. Барт буьззина тIечIагIбийр бу Мангал-беттан 30-чу дийнахь.

Израилан бакъо ю ГIажарийчоьно шен зарратан программа хуьйцур ю я яц тергонехь латтон, Вашингтонна а коьрта ду оцу программин тIаьхьало «Израилна кхераме ца хуьулуьйтучу» кепе яккхар, аьлла Обама Барака. Ткъа Нетаньяхус дIахьедина, Лозаннехь гIажарошца бинарг ледара барт бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG