Iедалан балхахь мел верг: хьехархой, гIуллакхъхой, лоьраш, ишта массо тIегIан доьшийлашкахь болу кегийрхой - берраш а декхарийла беш бу бен –бечу хиламашкахь, гуламашкахь, самукънечу ловзаршкахь дакъалаца.
Хьуна лаьий, ца лаьий дан а дац. масала кху беттан 8-чу дийнахь буьрканах ловзуш «Терек»-«Зенит» матч дIаехьна Соьлжа гIалахь. Юрт гIалина мел генахь хилар хьесапе а доцуш, цу матчехь «шайн лаамехь» хьовсархой хилла массо ишколера хьехархой. Билггал аьлчи хIора а ишколера лаххаре а итт хьехархо.
«Цхьа шо, ши шо хьалха, хьайна ваха ца лаахь ахча дIаделча, хьоьга хIума а ца олуш кочара бовлура,- боху Соьлжа гIаларчу хьехархочо Демильханова Розас,- ткъа хIинца гIанташ деса хилийта йиш яц бохуш, белхой стадионе дIаузуш бу. Хьал ца хуучунна моьтту тхо тхайн лаамехь цига кховчу, валлай ца кховчу-кх. Со цкъа доцург цигахь ца хилла, цул тIаьхьа шозза 500 сом а луш ас сайн метта кхин вахийтина-кх».
И къамел динчу Розас санна резабоцурш, леткъамаш бийраш дукха бу. ХIинца соьца къамел дийраш Новр кIоштан цхьана ишколера хьехархой бу: Маликаттий, Хатиматтий. Цара лучу хеттарша гойту аьлла хета мел лаам болуш, доггаха оьху хьехархой шайн хаарш шордеш футболе а,циркашка а,кхечу синкъерамечу меттигашка а.
Маршо Радио: -Хьо футболехь мосазза хилла?
ХIатимат: « Кхузза хилла».
Маликат: « Кхузза хилла».
Маршо Радио: Машен а лоций Iедало дохуьйту шу я..?
ХIатимат: « Ца догIу дера. Тхаьш I50 сом а луш некъана дIаоьх-кх».
Маршо Радио: - Буй-тIара дечу колизейхь хиллий шу?
ХIатимат: « Хилла шозза-м».
Маликат: « Шозза хилла со а».
Маршо Радио: Циркехь мосазза хилла шу?
ХIатимат: « Цкъа хилла».
Маликат: «Со шоззе а циркехь хилла. Берийн бераш а эцна яхнера со,дешархоша билеташ эца а эцна. Лаахь а, ца лаахь яхар тIедожош ма дуй».
Маршо Радио: Концертехь хиллий?
ХIатимат: « Концертехь хилла а яц».
Маликат: «Ца хилла со а. Кхиберш бигнера, къона хьехархой».
Маршо Радио: Митингехь?
ХIатимат: «Митингехь шозза хилла. Пайхамар аьшнаш винчу хенахь цунна дуьхьал йинчу гуламехь хилла. Цул хьалха олимпиадин факел йохьуш а хилла. Кхин цкъа а хилла.Кхузза хилла со-м»
Маликат: «Со а хилла-кх шозза, Пайхамаран лерам бечу митингехь хилла тIаьххьара. Тхаш автобусашна ахча а луш».
Маршо Радио: Субботникашкахь дукха хиллий?
ХIатимат: « Чот йоцуш дукха хилла. Дага хьанна догIу иза ,хьан дагардина иза!
Маликат: «Дагардан а лур дац, даима а субботникашкаххь-м ду.
Маршо Радио: Ахчанаш-м ца сецадо шу?
ХIатимат: »ХIан-хIа шайна ца эшча ахча а ца сацадо.
Маликат: «Ахча алапа тIера ца сацадо, схьаделлачул тIаьхьа дIадоьху,шайн гIуллакх хил-хиллачунна дIадоьху..»
«Субботник» олучу, кху тIаьххьарчу иттех шерашкахь Нохчийчохь шуьйра даьржинчу белхешкахь ша мосазза хилла дага а ца догIу шена, я догIийла а яц леррина дIаяздеш ца хилча боху Сайд -Эми аьлла шен цIе яьккхинчу хьехархочо.
Iедалан балхахь мел болчеран баьлла кхузахь и тайпа кхаж - бертахь а, бертаза а, хьовсархой а хилла гIанташ дIалецар. Церан садуург ду маццалц дахлур ду, куьйга ловзочу тайнигех тера, Iедалехь болчеран лааме хьаьжжа, пIелг хьажжинначе, лаккхарчу муьтIахьаллица дIаидар. Маца йист ер ю те махкахь лелочу шалхонийн а, кхалхонийн а. Цу кепара жоьпаза дуьсуш долу хеттарш чот йоцуш дукха ду.