ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йеменерчу конфликтна юкъа гIертар яц Пакистан


Йеменехь иккхинчу тIеман кризисан хьокъехь резолюци арахецна Пакистанан парламенто. Пакистано ца лоцу цхьаьнненан а агIо, нейтралитетехь юьсу, хьоьху конфликт машарца ерзор, боху цу тIехь. КIира дара пIераскандийнахь Йеменан хьокъехь бинчу сацаме парламент гIерта. Йеменера шиIатой-хутхой бохон кхоьллинчу коалицине шен кеманашца а, эскаршца а кхойкхура СаIуда Iаьрбийчоьно Пакистан.

Йеменехь Iедална дуьхьал гIевттинчу хутхоша талхадо ишта а телхина лаьтта Малхбалера хьал, аьлла хета СаIуда Iаьрбийчоьнна. Цу тIе ГIажарийчоь а ю хутхошна тIеман гIо латтош боху Эр-Риядо. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино пIераскандийнахь Йеменехь тIемаш бен агIонаш кхайкхина гуманитаран гIо йеменхошна дIакхачийтархьама дийнахь массех сахьтана мукъане а тIемаш совцоре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG