Берлинехь цхьаьнакхетта Германин а, Францин а, Оьрсийчоьнан а, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министрш. Цара дийцаре деш ду Донбассехь дIайоьдучу конфликтан декъашхоша герзаш деттар сацоран раж кхочуш ярх лаьцна долу хаттар. Стохка Охан-баттахь доладеллачу цу девнехь вийна 6 эзар сов стаг. Царна юкъахь бу маьрша бахархой а.
Кху шеран Чиллан-баттахь Минскехь маслаIат карор бахьана долуш аьтто белира жигара тIемаш совцо. Амма юкъа-кара Донбассера хаамаш кхочу, шина агIоно вовшашна герзаш тоьхна хиларх лаьцна.
Минскехь бина барт кхочуш барна тIехьожуш ю ОБСЕ-н тоба.