ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох парадехь хир вац Лукашенко


Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Толаман де даздеш Москох парадехь хир вац Беларусин президент Лукашенко Александр. Цунах лаьцна дIахьедар дина ша Лукашенкос Шоьтан-дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш. Цо дийцарехь, 9-чу дийнахь иза хир ву Минскерчу парадехь. Ткъа оьрсийн халкъаца цхьаалла гойтуш иза Москох хир ву Стигалкъекъа-беттан 7-чу а, 8-чу а деношкахь.

Лукашенкос ша гIортор цайо элира Москох даздаршка гIура дац шаьш аьлла дIахьедар динчу политикашна. Таханлерчу дийнахь 25 пачхьалкхан векалша, шайна юкъахь Инди а, Китай а, Серби а, Къилбаседа Корей а йолуш, дIахьедар дина шаьш Москох параде догIур ду аьлла. Дукхах болу дуьнентIера пачхьалкхийн лидерш реза цахилла Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Москох хир долчу даздаршка баха.

Иштта цигарчу парадехь дакъалоцур дац Iамеркин президенто Обама Барака а, Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида а, Нидерландийн премьеро Рютте Марка а, паччахьо Виллем-Александра а, Норвегин премьер-министро Сольберг Эрна а, Финляндин президенто Ниинистё Салис а. Украинехь Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш Москох ваха реза цахилла Полшин президент Коморовский Бронеслав а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG