ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца дийцарш дIадахьаре кхойкху дипломато Европа


Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера кхайкхина Европан Барт ша Украинаца маьрша йохк-эцар лелон бинчу сацамца доьзна Оьрсийчоьне йоьссина шеко йижош дийцарш дIадахьа. Штайнмайера Еврокомиссин куьйгалхочуьнга Юнкер Жан-Клоде яздинчу кехат копи еъна Маршо Радиона кара. Цу тIехь цо боху вовшашца дийцаршка яла еза Европан Барт а, Украина а, Оьрсийчоь а цакхетамаш дIабахархьама.

«Прагматизмехь, агIонийн лаамехь чоьте а оьцуш, политикан диалог» юхьараэца еза Еврокомиссино, аьлла ду кехат. Иза немцойн дипломатин лидера Штайнмайера дахьийтина хилла кху беттан шолгIачу дийнахь. Хьалхо ЕвроБарт Украинаца йохк-эцар шоръян дагахь юйла хиинчу Оьрсийчоьно протест кхайкхийра. Маьршачу йохк-эцаран зона Украинах ян дагахь ю ЕвроБарт тIедогIу шо долалуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG