Шерачохь цхьана дийнахь бийца а буьйций нохчийн мотт, нохчийн духар а, холхаз куйнаш а тохкий, нохчийн кхача а бууш, къоман а, меттан а сийлалла хестайо.
Иштта дIадоьрзу махкахь нохчийн меттан де.
Шарахь цкъа бен ца хуьлучу дезчу дийнан кепехь ду иза. Амма шортта нах бу, шайна юккъахь дукха Iилманчаша а болуш, цу тIехь кьахьоьгуш, нохчийн мотт денбар а, баржор а, дахаран Iалашо а йолуш. Царех цхьаъ ю Мамалова Хьоза.
Иза Соьлж-ГIаларчу университетехь нохчийн филологийн куьйгалхо ю. Студенташна хьоьху Мамаловас «Вайнехан этика». Цо дийцира Маршо Радиога тахана нохчийн меттан хьал а, цуьнан кхане а.
Мамалова: «Вайна хIинца паргIатонца гIалахь а, юьртахь а аьлла екъна йоцуш, ишколашкахь цхьатерра Iамош бу нохчийн мотт, оьрсийн мотт санна. Бух а болуш, дозалла а доцуш, шортта сахьташ хIиттийна. Меттан уьйрех аьлча, дош а уьйра хуьлу, мотт уьйра хуьлу, дош дацахь мотт ца хуьлу, мотт бацахь къам а ца хуьлу. Ахь хаа а хууш, беза а безаш бийцахь, хьуна цуьнан йовхо а, марзо а хаало».
Мамалова Хьозас гулдеш ду нохчийн дицлуш, лелаш доцу шира дешнаш. ХIинца цо гергарчу заманахь арахеца кечдечу жайни тIехь ши эзар сов дош ду. Шира дешнашца гуш ду нохчийн меттан шатайпалла а, цуьнан кIоргера маьIна а, элира цо.
Мамалова: «Човса дош ду вайн нохчийн маттахь. Ловзаргахь юккъеваьккхина лелош хилла иза. «Чов» оьрсийн маттахь «рана» ю. Ткъа са а, синош а лардеш юккъе воккхуш хилла иза. «Камин» - «товха» ю. Товжахь оцу пенах, цу огано йовхо ло хьуна. «Пуля» ала атта хета вайна. «Шовкъали» ала хала ду. «Кехат» - кераюккъе хатт а буьллий, цу тIе йоза а яздой, хьалха заманахь юккъелеларш дIабохуьйтуш хилла. Цу тIера схьадеъна ду и дош. «Хьелийн даьтта» а, хьан хьелий ца хилча хила йиш яц. «Сторпал», цIена дош нохчийн маттахь тагIа ду».
Мамалова Хьозас, нохчийн маттах дуьйцучу хенахь, иза беза ца бала йиш яц. Студенташна юкъахь а, иза кIорге Iамо луурш хиларх а цецвала хIума дац.
Мамалова: «Нохчийн маттахь язъеш хилла дацахь а, бераш а билгалдовлу хьуна. Башкирехь дешна цIаеана цхьа студент ю тхан. Нана гIезало ю цуьнан, да нохчо ву. Шена и нохчийн мотт безарна, кIорггера Iамош ю иза. ХIуммаъ ледар а ца хаьа цунна. Дешнаш Iамийна а ца Iаш, церан маьIнех а кхета лууш ю иза».
Iедалера гIортор ца хилча, нохчийн мотт атта, иза безачаьрга айлахь тамаш бу. Iедалан урхаллашна а, хьукматашна а тIехь, уьш билгалйохуш долу йоза деша, нохчийн мотт хаа а оьшуш дац.
Мамалова: «Цхьа ши бутт хьалха, гIала юккъехула чекхайолуш, цхьана урхаллан тIехь гIалат карийнера суна. Иштта гIалат ду аьлла ас элира цигарчу хьаькаме. Шена хазахийтира бохура цо, шега иза схьа аьлла. Шена доккха дозалла ду бохуш вара иза, цIена нохчийн маттахь язйина хилча. Тидам боцуш язъяхь а, шайна хууш долуш, гIалат цара дуьтур ду аьлла-м ца хета суна».
Тахана нохчийн меттан цхьа де бен дацахь а билгалдоккхуш, шега хаьттича, хIора де хуьлуьйтура дара ша бохуш, дийцира Мамалова Хьозас.
Мамалова: «Цхьа де билгалдаьккхина а ца Iаш, хIора де, шай доьзалехь, белхан меттехь, оцу меттан пусар а деш схьаван веза аьлла хета суна хIора а. ХIора де нохчийн меттан де хуьлийла лаьа-кх суна».
Массийта шо хьалха, цхьанакхеттачу кхъаьмнийн цхьанатохаралло бинчу талламашца, дуьнен тIехь болчу 6900 маттах, 2500 леш бу аьлла. Белла дIабала мегачу меттанашна юккъахь нохчийн мотт а бу, нохчаша шаьш, шарахь цкъа бен билгалбоккхуш боцу.