ШолгIа кIира доладелла Нохчийчохь Ставропол махкара баьхкинчу низамхоша Дадаев Жамболат вийна. И меттиг нисъелла оццул хан яьллехь а, цунна гонах лаьтта гIовгIа юьжуш яц. Схьагучу суьртехь, меттигерчу Iедалхошна халонга даьлла, хаттар-алар а доцуш, «хьешаша» Соьлж-ГIалахь кху Охан-беттан 19-чохь, тIеман операци дIа а яьхьна, стаг вер.
Бахархошна тамаше хеталург ду и тайпа вер-ваккхарш кхузахь кест-кеста нислуш лаьтташехь, Дадаев Жамболат вер санна, цкъа а юкъараллехь гIардаьккхина дийцина цахилар. Кхо-диъ де дIадаьллехь а, масала, Iорадоккхуш дац низамхоша кху беттан 23-чу дийнахь герз тоьхна, Соьлж-ГIалахь рогIера жима стаг вер. Цара шайггара кхел йинарг ву, наьрт санна ,тоьлла дегI долуш Теркйист кIоштан Iелин-Юьртара Ахметханов Илес.
Бахархоша бен-бен дуьйцу и верах: цхьаболучара Соьлж-ГIалин аэрпорте воьдучу новкъахь вийна боху, кхечара - аэропорте дIакхаьчначул тIаьхьа. Нахана вуно чIогIа дазделла сел доьналла долу, оьзда кIант тешнабехкаца вер а, цхьа зуламхо иза хилла сурт хIотто гIерташ, шолгIачу дийнахь бен цуьнан дакъа схьа цадалар а. Хеназа дIакхелхинчу Ахметхановх дуьйцуш ву Теркйист кIоштера Устарханов Мохьмад.
Мохьмад: «ХIара Iедал хийца ца лахь, ишта нах байар дахдала мегаш ду-кх. Шаьш тола ца тоьлча, вен а вийна, дIадерзийна бохуш дуьйцу-кх наха. Аэропорте дIакхаьчна, кеманна тIехиъчахьана волу ша бохуш, телпо тоьхна боху цо цIерачаьрга. Цхьа кехаташ къевсина вийна а боху, цигахь цахиллачунна хуур дуй иза.
И кIант ша хилла, цунна дуьхьалхиллачара бакъдерг дуьйцур ма дац хIинца. Доьналла, гIуллакх-гIиллакх долуш, хаза нехан санна кIант вара-кх Илес. ГIуллакх доцче гIертар волуш а вацара. Цхьана хенахь структурашкахь хилла ву иза. Цара лело харцонаш бахьнехь дIа а ваьлла балхара, шен гIуллакх деш хилла».
Официало къадийна хIума дацахь а, кIоштехь шуьйра дийцаре дечех ду Москох ваха ваьлла кIант Iожалле кхачор. МогIарерчу нахана и вер халонга даьлла хиларан гайтам лара богIу, тешна а, 5-6 бIе стаг вовшах а кхетта, и дIаверзор. Вийначу кIантах а, ницкъаллин структураш бахьнехь махкахь сих-сиха нислучу вер-ваккхарех а дуьйцуш ву теркхо Салавди.
Салавди: «Москох ваха, кеманна тIехаа, аэрпорте воьдуш, саца а вина, доьхка дIатесна дац аьлла, дов даьлла, шайна еттта йолийча, герз тоьхна бохуш дуьйцу. Вуно дика кIант вара, совнаха хIуманаш долуш а вацара. Iедалан балхахь структурашкахь хилла а вара иза. Стохка дIаваьллера балхара.
Суна-м хаац, дов даьлла, леташ хилча а, наж санна стаг кхара, тухий, охьа а вуьллий, тIемало во цунах а. ХIинца и тIемало ву аьлла хIума даьккхина боху. Кху республикехь, гуш ду-кх иза, хIора денна бохург санна, цу низамхоша, Iедалехь болучара ишта адам дер дуьххьара а дац, сих-сиха нислуш а ду, я тIаьххьара хир ду аьлла а ца хета суна, хIара ишта дIа мел доьду.
Масех де хьалха тIебаьхкинчара, Ставропол махкарчу полисхоша, стаг вер дукха чIогIа шакарца кхайкхош, дийцаре деш ду, ткъа шаьш вийнарг, маьршша шен новкъа дIавоьдуш вийнарг хьахош а вац. И кIант кху шина баттахь кхоалгIа ву-кх цхьана юьртара полисхоша вийначех. Уьш байар цхьана меттехь а хазийна дац…»
Салавди санна, Iедалан хьостанаша бен хаамаш шеконца тIеоьцурш, царех цатешарш дукха бу. Ахметханов Илес веран хьокъехь официало гIар хIуъу а даккхахь а, кIоштехь нахана хаьа и мила хилла а, и верна куьг бехке муьлш бу а. Дуккха а юьртахоша мукIарло а деш, уьш цецбевр бац, герз тоьхна вийна кIант тIемало вара аьлла, кхана-лама хааме даккхахь а.