ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн парти низамера яьккхина


Президентна Путин Владимирна дуьхьал критика яржорца билгалваьлла Навальный Алексей коьртехь волу политикан партера регистраци дIаяьккхина Оьрсийчоьнан юстицин министралло шинарийдийнахь.

Прогрессан партино хеннахь а, дан ма-дезза а кехаташ ца кечдина ша низамехь хилийта аьлла ду довзуьйту бахьана. 2016-чу шарахь хинболчу парламентан харжамашка цхьаьна яха лерина яра Навальныйн а, ши бутт хьалха вийначу оппозиционеран Немцов Борисан а партеш.

Цундела, шаьш цхьанакхетийта, дIакъовлуш ю шен парти юстицин министралло, боху Навальный Алексейс шен сайта тIехь. Амма иза лерина вац Прогрессан партин болх берзо, «парти кехата тIехь хуьлуш яц, дахарехь ерриг хуьлу», боху Навальныйс. Кремло прессехь бакъ ца до Прогрессан парти Путинна новкъа хиларна дIакъовлуш ю бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG