Hewlett Packard олучу компьютерийн компанин куьйгалхо хилла Фиорина Карфи дагахь ю 2016-чу шарахь хир болчу Iамеркин президентан харжамашкахь дакъалаца. Цунах лаьцна цо офицаилан кепара хаам бина КIирандийнахь ABC телеканалан «Iуьйре дика хила хьан, Iамерка!» программехь. Карфи кандидат хир ю Республикан партин цIарах.
Юкъараллан хетарг толлучу инстутуташа бинчу хаамца, Республикан партин кандидат хоржуш Айова штатехь хир болчу хаьлхарчу харжамашкахь цуьнгахьа кхаж таса кийча бу 1 процент харжамхой. Фиорина Карфи йоцург кхин а масийтта стаг ву Республикан партин цIарах президентан харжамашкахь дакъалаца лууш.