ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Чиллан некъ» проект тIеоьцуш кехаташна тIе куьгаш таIийна Путина а, Цзинпина а


Оьрсийчоьнан а, Китайн а куьйгалхоша Путин Владимира а, Си Цзинпина а дIахьедар дина «Чиллан некъ» олу проект тIеоьцуш кехаташна тIе куьгаш таIийна шаьш аьлла. Китайно кху тIаьхьарчу хенахь юьхьарлаьцна ю «Керлачу «Чиллан некъан» экономикан доьхка» цIе йолу идея.

Цуьнца а догIуш, гергарчу хенахь Китайра Европе кхаччалц кхолла езаш ю транспортан а, энергетикан а, йохка-эцаран а коридор. И коридор чекхйера ю Юккъерчу Азехула а, ГIажарийчухула а. Иза кхочуш еш Китай дагахь ю машенийн а, аьчган а некъаш деш дуккха а миллиардаш долларш барамехь инвестицеш ян. Ткъа цо шордийр ду йохка-эцар лелор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG