Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) куьйгалхочо Столтенберг Йенсна хетарехь, Донбассерчу сепаратисташа алссам герз а гулдеш, тIамна кечамаш а бина, рогIера тIеман мур болон кийча а бу. И дIахьедина альянсан Инарла секретара Брюсселехь журналисташка оршотдийнахь. «Алсамдуьйлуш лаьтта тIемакхийсарш, нах байар, мониторинг ечу тергамчашна новкъарлояр, Оьрсийчоьно сепаратисташна ден гIо а ду шорлуш.
Сагатдойтуш ду хьал», - бохура Столтенберг Йенса. Кху кIиранах Туркойчохь вовшахкхетачу Атлантикан альянсан арахьарчу гIуллакхийн министрша дийцаредийр ду Украинера хьал.