ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атлантикан альянсо йийцарейина дуьнентIера конфликташ


Украинан малхбалехь сепаратисташа тIелетарш алсамдахарца а, Оьрсийчоьно царна ен тIекарло шоръеш хиларца а доьзна, «керла кхерамаш» баьржаш латтарна дуьхьало еш бертан дийцарш жигарадаха деза аьлла, Туркойчуьрчу Антали гIалахь йоьдучу Атлантикан альянсан кхеташонехь Евробертан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо Могерини Федерикас.

«НАТО а, Европан Барт а бес-бесара хьукматаш елахь а, вовшашца йозуш ю царна духьалхIиттина проблемаш», - элира Могеринис. Малхбалера кризисаш а йийцарейира Анталехь. Къилбаседа Африкера шайн мехкаш а буьтуш, уьдучу нехан терахьаш десташ ду, бохура Евробертан арахьарчу политикан урхаллин куьйгалхочо Могерини Федерикас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG