ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIар вен кхачийна


Царнаев ЖовхIар Бостонерчу марафонехь эккхийтар дарна дегIах маха а тоьхна вен кхачийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу бехккъасторхоша. 14 сохьтехь вовшех дагабевллачул тIаьхьа, пIераскан сарахь бина цара и сацам.

Марафонехь лазийнарш а, беллачийн гергарнаш а боьлхучу юкъанна, корта оллор доцург, кхин дагара ца хоуьйтуш аравелира Царнаев кхелачуьра, бохуш дуьйцу журналисташа.

Кхо стаг а вуьйш, 260 лазийра Бостонерчу марафонехь ши шо хьалха динчу шина эккхийтарехь. Адвокаташ, боккхах бехк хIеттехь лоцуш вийначу воккхахчу вешина Тамерланна тIе а биллина, ЖовхIар вен кхачорах хьалхаваккха гIиртира кхелехь. Ткъа прокурораша бохура, ЖовхIара ша динчух дохковаьллийла а ца хаийтина цкъа а.

Бина сацам кхочушбале, дов дехха апелляцешкахула лелар ду, гарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG