ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчоьнан провинцехь маьждигехь эккхийтар дина


Иттех стаг вийна, иттаннаш лазийна СаIуда Iаьрбийчоьнан малхбалерчу провинцехь шиIатойн маьждигехь динчу эккхийтарехь. Китаф къоштарчу шиIатойн Ал-КъадехI юьртахь Iела-Имаман маьждигехь дина и зулам. Луларчу Йеменехь шиIатошна хIутхошна дуьхьал СаIуда Iаьрбийчоьно тIемаш бечу юкаънна дина и эккхийтар тIе ца эцна шена цхьаммо а.

Пачхьалкх тIемаш беш ю иштта Атлантикан альянсан коалицица цхьаьна Шемарчу а, Иракъерчу а «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашца а. Стохка гурахь а вийра СаIуда Iаьрбийчуьрчу цхьана маьждигехь герзаш диттина 8 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG