ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Виъ стаг вийна Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь, шиIатийн маьждиганна уллехь Iожалхочо эккхийтар а дина


Лаххара а 4 стаг вийна Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь, шиIатийн маьждиганна уллехь Iожалхочо эккхийтар а дина. И тIелатар шена тIелаьцна «Исламан пачхьалкх» олучу тобано. Цуьнан векалша цу хьокъехь хаам битина Твиттерехь. Даммам олучу Малхбален провинцин коьртачу гIалахь дина и тIелатар.

Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, полицино шеко а хилла , сацийна хилла эккхийтар дан кечвеллачу стага урхалла деш йолу машен. Меттигерчу Iедалша бинчу хаамца, байинчарна юкъахь ву и тIелатар дина волу стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG