«Исламан Пачхьалкх» шайх олу тIемалойн тобанашца тоъал къовсам ца латтабо дуьненаюкъарчу коалицино, аьлла, цунна бехкбуьллуш къамелдина Иракъан премьер-министра Iабади ХIайдара. Парижехь шинарийдийнахь экстремизмана духьалоярх лаьцна дIахьочу дуьненаюкъарчу конференцехь вистхуьлуш цо бохура, НАТО-н коалицино стигалхула а, лаьттахула а ен дуьхьало тоаме яц.
«Исламан пачхьалкх» олучу тIемалойн дакъошка дуьнена массо маьIIера дIаоьху суннатой, стохка оцу дакъошлахь 60 процент иракъхой хиллехь, хIинца арахьара баьхкина жихIадхой совбевлла, элира Иракъан премьер-министра. Францерчу конференцехь бу 20 пачхьакхера баьхкина дипломаташ. Церан гIайгIанехь ду ши кIира хьалха Иракъехь Рамади-гIала а южуш, жихIадхой БагIдадна 90 чаккхарма герга латтар. 4100 авиатохар дина Цхьанатоьхначу Штатийн кеманаша «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашна, амма аьтто ца баьлла уьш гIелъян.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?