ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

G7 дуьненан гIайгIанех


Ницкъалчу пачхьалкхийн G7 цхьаьнакхетараллин кхеташонехь терроризммий, дуьненан климат хийцаяларрий ю коьрта ши тема. Германерчу Баварехь Эльмау-гIоперчу барамехь дакъалоцуш ю Британи, Канада, Франци, Германи, Итали, Япони, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ.

Мехкийн лидерш дагабевр бу Иракъан премьер-министрца ал-Iабади ХIайдарца а, Нигерин куьйгалхошца а «Исламан Пачхьалкх» а, Боко Хьарам а олучу тIеман тобанийн хьокъехь. КIирандийнахь Британин премьер-министра Кэмерон Дэвида дIахьедина, шен махко 125 инструктор хьажор ву Иракъе бухара эскар тIом бан Iамон, аьлла.

Саммитехь президента Обама Барака а, канцлера Меркел Ангелас а Донбассера хьал Кремло, ша юкъа а гIерташ, талхош хилар хьахош, элира, Оьрсийчоьнна тоьхна экономикан санкцеш юхайохийла дац Украинера тIемаш совццалц, Кремло шен лулахочун суверенитет лараме эццалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG