ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газан биргIа йохийна Донбассехь


Дуккха а гIаланашка газ кхачаен биргIа йохийна Донбассехь пIераскан буса лаьттинчу кхийссарша. Укртрансгаз хьукмато, и биргIанаш тоеш, дIалакъийна кхаа гIала йоьду газ, шайлахь Мариупол а йолуш. Массех де оьшур ду биргIанаш меттахIиттон. Амма хиллачу хьовзамо ца хьайина Европе газ кхачаен аса, хаам бо компанино. Сепаратисташ бехкебира биргIанаш йохорна Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс. Ткъа вукхара тIе ца эцна бехк.

Украинан металургин уггаре йоккха ши фирма лаьтта гIала ю Мариупол, цигахь арахьоьцу эчиг, болат. Оцу фирманийн цкъачунна сацон дезна шайн болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG