ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь тIелатар хилла


Оршотдийнахь ОвхIанистанехь тIалибаш тIелетта Кабулерчу пачхьалкхан парламентан цIенна. Цунна уллехь, ша-шен а вуьйш, хIоъ-молхех юьзина машен эккхийтина цхьамма, ткъа йисинчу тобано дIалецира парламентан гIишло. Шина сахьтехь тIемаш бина тIемалоша. Шиъ могIарера стаг вийна, царех цхьаъ бер ду. 30 сов стаг лазийна, дарбанан цIийнехь ву.

Чевнаш йинчаралахь 5 зуда а, цхьа бер а ду. Кабулан полицино бинчу хаамшца, 6 тIалиб вийна. Парламентан декъашхой кIелхьарабаьхна. «Би-би-Сино» дийцарехь, парламентан цхьа декъашхо-зуда а лазийна. Оршотдийнахь парламентан кхеташонехь керла хоржучу тIеман министран кандидатура йийцареян гулбелла хилла парламентан декъашхой. ТIелатар дарах бехк тIалибаша шайна тIеэцна шайн пресс-гIоьнчехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG