ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грецин проблемаш хьокъехь кхеташо дIаяьхьна Евроберто


Грецино Евробертана дIадала дезачу кредитах а, оцу махкана кхидIа финансашца гIодарх а лаьцна кхеташо дIаяьхьна Евроберто оршотдийнахь. Амма барт цкъачунна хилла бац, хаамбина кхеташо йирзича Грецин проблемаш листа кхоьллинчу тобан лидеро Дейсселблум Йеруна. Цо бахарехь, карара кIира дерзале кхин цкъа а дийцаре дийр ду Грецина ахчанца гIодарх долу хаттар. «Грецино шен агIор керла некъ хьоьху барт карон аьтто луш, бакъду, тахана тхо и дерриг а талла ца кхиира», - бохура Дейсселблума. Кхеташо йоьдучу юкъанна Грецин премьер-министран Ципрас Алексисан къамелаш хилира Еврокомиссин куьйгалхочуьнца Юнкер Жан-Клодца а, Европан банкан хьалханчица Драги Мариоца а, финансийн фондан директорца Лагард Кристица а.

Шаьш шайн махкарчу белхалошна, мискачу нахана эшам хир боцуш, пачхьалкхан харжаш яцъен некъаш гайта даьхкина, цара аьтто бийр бу шайна коррупци эшон а, ял ма-оьшшу гулъян а, бохура Ципраса. Карара бутт бовш Европан финансийн фонде цхьа миллиард ялх эзар миллион евро охьадилла декхаре ю Греци. Цул тIаьхьа бен лойла дац банкан цуьнга цунна оьшу 7 миллиард евро. Нагахь санна агIонашна барт ца карабахь, дефолт ю Грецин экономикана хила тарлуш, ткъа оцу хьоло шеко кхуллу Греци Евроберта юкъахь юьсур ю бохучух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG